Джамиля Йиш ялар, дависарг кира д1абелла хьо везаш догу дог хьуна д1агайта...

Исполнитель: Джамиля Длительность: 03:02 Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Джамиля — Йиш ялар, дависарг кира д1абелла хьо везаш догу дог хьуна д1агайта..."

Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,

Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана,

Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла,

Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта.

Дешнашца, хабаршца Iехийра ахь со,

Хумма дац, хьомениг, замано нисдо,
.
Зама ма дIайоьду, доьду хи сана,

И дерриг нисдийр ду кхоьллинчу Дала.

Сунна хьо везара, хIинца а веза,

И безам бохуриг доккха дош хилла,

Хьуна ма мотталахь, со хьайха яьлла,

Кхин безам ца карош со гIийла лела.

Хьо декъала ма войла эра дац хьуна,

Езачух хьегийла эра дац хьуна,

Со-м хьалхе яьккхира ахь безамах, ирсах,

Хьо хьайна вехийла кхечуьнца гIоза.

Диц ма де, хьо хир ву сан деган ойла.

Йоьду со яллалца хьо воцчохь лела,

Хьайн делахь, дог хьостуш, тIаьххьара дош ала,

Вай вовшийн кхи гур дац, хьо марша Iайла.

Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,

Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана,

Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла,

Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта.

Еще песни Джамиля

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)